Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхиъна вогІуш волу Шамъал Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хІуттура. Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгІазвахар, Хьан эмгаралла, цІе санна, йогуш мел лаьттар ю те? qac Иqac* дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гІораш а, дохийна, дІа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Іамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хІуьтту Везачу Элера долу суьрташ. Цхьа сингаттам дІабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хІуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Іамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. Денош тІедогІур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тІехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Боьхачу а, телхинчу а тІаьхьено тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Іийса дІавахара.
Выбор основного перевода