Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас». Везачу Эло шайна тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Дуьненан Да волчу Везачу Элан тІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТІедогІуш долу хи, пен а хилла, дІахІуттур ду». Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хІордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дІа а лакъийна. Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дІадахара. Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дІадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла. Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта?
Выбор основного перевода