Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн оьгІазаллица, хІаллакбай, дІабахахьа уьш. ДІахоийла царна Якъубан махкана тІехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а. Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла! qac Вqac*уно чІогІа дар а велла, Ша оьгІазвахча, Исраилан берриг а ницкъ Цо хІаллакбина дІабаьккхи. МостагІий царна хьалха дІахІиттича, Шен аьтту куьг царна тІера Цо юхадерзий. Цо иза дича, йогуш йолчу цІеро санна, вайн махкара гонах мел дерг Цо дІа ма кхаьлли.
Выбор основного перевода