Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Чухула агІор пенах тоьхначу аннашна тІехь гІабакхийн а, дІаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тІехь аьгна дина. Массо а агІор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тІулг гуш а бацара. Оцу цІийнан дерриг а пенашна тІе, чухула а, тІехула а, гобаьккхина аьгначу тІамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дІаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. Шина цІа чуьра цІенкъа тІе а деши диллира. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. Кхин ши неІ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неІаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. Царна тІехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тІе а цхьатерра аьгна деши диллира.
Выбор основного перевода