Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Цу дийнахь Везачу Эло Шен чІогІачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таІзар дийр ду Левиятан цІе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХІордан и саьрмик буьйр бу Цо. ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа?
Выбор основного перевода