Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагІий. ЦІеххьана юха а бирзина, юьхьІаьржачу хІуттур бу уьш. ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза. Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
Выбор основного перевода