Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дІахІитто деза. ХІора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дІахІотто беза. Цунна гІигІ деш дІахІиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гІовгІа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГІаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина. qac Жqac*ирга а хетта, Шен сагІа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цІийнах дІавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагІийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цІа чохь цара йоккха гІовгІа ма яьккхи.
Выбор основного перевода