Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Цийон-лома тІера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дІакхайкхаде аша Цуьнан гІуллакхаш. Башан-лам – сийлахь лам ма бу! Дукха лекха баххьаш цунна тІехь ма ду! ХІунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тІехь даим. Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кІелхьардаьккхина, Якъубан а, Юсупан а тІаьхье. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. Хьайн некъаш тІера тхо гал хІунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чІогІа тхан дегнаш чІагІ хІунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чІагІо хилла дІахІуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гІап санна хир ву Иза. Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. Цара шира херцораш юхаметтахІиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тІаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гІаланаш карлайохур ю цара.
Выбор основного перевода