Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гІо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кІелхьарваккхахьа! Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагІаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а. Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХІетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггІург сан Делера хир ду». Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХІинца Ас Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цІе Ас ларйийр ю.
Выбор основного перевода