Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера. Амма хІинца-м Ахь дІатесна тхо, Ахь юьхьІаьржачу а хІиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо. ГІаттахьа, Веза Эла, вижина хІунда Іа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дІа ма тасахь тхо! ХІунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Іалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кІел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, ДІахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагІий а ду. «Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. «Шу – Сан уьстагІий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагІий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода