Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагІийн лаьтта тІехь Іачу хенахь а, Со царах дІавоьрзур вац, уьш хІаллакбархьама дІа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву. Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву». Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. Язъелла суна тІехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгІенашца хьаьшна Ахьа со. тІаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тІаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гІуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш.
Выбор основного перевода