Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таІийна, Хьуна шайн дато гІорзанаш йохьийла. ДІасатийсахьа Ахь тІом безаш долу халкъаш. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“. Цул тІаьхьа хІорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира. Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Іин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.
Выбор основного перевода