Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. Шайн Везачу Далла тІаьхьахІитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогІалаш, Цунна гІуллакх делаш, Цунна тІетовжалаш. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира.
Выбор основного перевода