Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Цара „Тхо стенга гІур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТІаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, туьро вен леринарг туьрана гІур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гІур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Іийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хІунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Іийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу.
Выбор основного перевода