Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхоалгІа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Іибадат а дахь, я шен хьаьжа тІе, я шен куьйга тІе цу экханан мухІар а таІадайтахь, Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн». ТІаккха цІерах дІаийна долчу ангалин болуш санна, хІорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тІехь – шен цІеран терахь долчу цхьанна тІехь – толам баьккхинарш цу ангалин хІордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара. Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода