Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тІемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тІемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахІоттийра. Цул тІаьхьа цунна адаман кхетам белира. Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пІенда а болуш, цхьа агІо хьалаайина а йолуш, шолгІа экха дара лаьтташ. „ХьалагІатта, шортта жижиг даа!“ – бохура цуьнга. Цул тІаьхьа цІоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тІехь олхазарийн санна биъ тІам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара. И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кІелхиъна долу цІокъ санна, кечлур ву Со. КІорнех яьккхина ча санна, тІелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этІор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша». „Девза Суна иблисан олаллин гІантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цІе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дІа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гІалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.
Выбор основного перевода