Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – ТІаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦІе латаярца доІанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!» БаІалан пайхамаршка Эли-ЯхІус элира: «Оцу шина старгІанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тІаккха сагІа даккха кечам бе, хІунда аьлча шу алсам ду. Цул тІаьхьа аша шайн Деле доІа де, амма бежанна буха цІе ма латае». Шаьш схьакъастийна старгІа кеч а йина, уьш, Іуьйранна дуьйна делкъахан тІекхаччалц, БаІал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаІал, дІахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагІа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. Делкъахан тІееача, Эли-ЯхІу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧІогІа мохь тоха аша, хІунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гІуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогІуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» ТІаккха цара чІогІа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догІмашна тІе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тІехула цІийш охьадоладаллалц. Делкъахан дІа а яьлла, суьйренан сагІа доккху хан тІекхаьчча а, уьш кхидІа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хІума дацара хезаш. ТІаккха Эли-ЯхІус дерриг а халкъе элира: «Суна тІехила». Дерриг халкъ цунна тІехилира. Везачу Элана сагІа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахІотто волавелира Эли-ЯхІу. Цо шийтта тІулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цІе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кІантах девллачу тайпанийн барамехь. Оцу тІулгех Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг йира Эли-ЯхІус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хІу тарлуш йолу. Эли-ЯхІус сагІа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгІанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тІедехкира. ТІаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагІина ягош йолчу старгІина а, дечигна а тІедотта». Цара Эли-ЯхІус боххург дира. ТІаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхІус кхин а элира: «Изза кхозлагІа а де». КхозлагІа а изза дира цара. СагІа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира. Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дІахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тІедерзош хилар а хІокху нахана хаийтархьама». ТІаккха Везачу Эло цІе охьахьажийра. Оцу цІеро сагІина еана хІума а, дечиг а, тІулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира.
Выбор основного перевода