Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. Бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа цо дІадаьстича, цу некъа тІера, йоккхачу пешана чуьра санна, кІур схьатесира. Оцу баьллачу кІуьро малх а, хІаваъ а кхолийра. ТІаккха лаьтта тІе цу кІуьра юкъара цІоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цІазана. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. ЦІазана тІедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю. ТІехьаьжча, и цІоз тІамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тІехь дашо таьжнаш санна йолу хІуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. Цу цІазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. Цу цІазана тІехь, аьчка долуш санна, гІаьгІнаш дара. Церан тІемийн гІовгІа вуно дукха йолчу, тІаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гІудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. ЦІазан, сту лоцучу гезгийн санна, цІогарчий дара, цІогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цІазан цІоганашкахь бара. Бух боцучу Іинан малик цу цІазан паччахь дара. Іебархойн маттахь цуьнан цІе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хІаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).
Выбор основного перевода