Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера». Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тІера дІавойур ву. Дийна болчеран тептар тІера церан цІераш дІайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цІерашца цхьаьна церан цІераш ма язйойла. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш.
Выбор основного перевода