Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Іожаллин чов, амма и чов дІайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тІаьхьаделира. Адамаша цу саьрмикна Іибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Іибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?» КхоалгІа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Іибадат а дахь, я шен хьаьжа тІе, я шен куьйга тІе цу экханан мухІар а таІадайтахь, Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн».
Выбор основного перевода