Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гІирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дІахІоттийначу дашочу суьртана. Ахь омра динера, хІора адам шена маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла. Нагахь санна хІинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дІахІоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Іибадат ца дахь, цу сохьта цІиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТІаккха муьлхачу дала кІелхьардохур ду шу сан куьйгах?» Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а. ТІаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хІоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дІалур ду хьуна!“ Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!» и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара. Паччахьан гІантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Іаршана хьалха бертал а эгна, Далла Іибадат дора цара. Далла хьалха долчу паччахьан гІанташна тІе хиъна Іаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Далла Іибадат дора. ТІаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Іаршана тІехиъна Іаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!» Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду». Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хІуманаш хезна а, гина а ваьллачул тІаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Іибадат дархьама.
Выбор основного перевода