Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгІа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гІалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тІаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гІаланашкахь даха диса тарлора. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира. Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю. ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Выбор основного перевода