Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта. Іейн-ГІадера дуьйна Іейн-Іеглайме кхаччалц хин бердашкахь чІерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чІерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хІордана чохь санна. Шен возаллица чІагІо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мІерашца текхор болу денош шуна тІедогІур ду», – бохуш. Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха. Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц».
Выбор основного перевода