Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хиллачу шолгІачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Іийсана тІаьхьахІоьттира. Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тІаьхьавогІу а гина, Іийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хІун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Іаш ву?» Іийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дІа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Іийсаца даьккхира цара. ДоьалгІа сахьт доладеллера цу хенахь. Яхьъян дешнаш а хезна, Іийсана тІаьхьахІоьттинчу шиннах цхьаъ Іандар вара. Иза вара ШамІа-Кипин ваша. Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) Іандара шен ваша ШамІа Іийсана тІевалийра. Іийсас, ШамІе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кІант ШамІа ву-кх. Хьох хІинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.)
Выбор основного перевода