Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса массо а гІаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Іийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дІалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деъана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса. Церан гуламан цІеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза. ЯхІуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш бора Цо. Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара.
Выбор основного перевода