Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Эла! ЦІахь, энаша дІа а лаьцна, чІогІа могуш воцуш Іуьллуш ялхо ву-кх сан». Суьйранна Іийсана тІебалийра жинаша хьийзош болу нах. Іийсас Шен дашаца жинаш дІалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира. Іийса гадархой болчу кхаьчча, нах дІабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чІогІа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара. Ткъа хьакхарчийн Іуй цу меттера бевдира. ГІала дІа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дІадийцира. Цунна тІе валийра шен дегІан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагІатта де доцуш, меттахь Іуьллуш вара. Іийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тІаьхьа, заьІапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кІант, хьан къиношна гечдина». Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Іийсас элира: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо». Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Іийсана тІе. Цара, бевдда, сихонца дІасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТІаккха Іийса миччахьа сецча а, Цунна тІе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира. Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура. Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира.
Выбор основного перевода