Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо. Тхоьга хІун кхочур ду?» Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. Сан дуьхьа шен цІа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бІозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. Амма хІинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тІаьхьара хир бу, ткъа тІаьхьарнаш хьалхара хир бу». ТІаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тІаьхьахІиттинарш».
Выбор основного перевода