Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Іийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чІагІо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хІара сан ши кІант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агІор, важа аьрру агІор охьахаавехьа». Іийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тІеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Іийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хІун дан деза те?» Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла, Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас». Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа.
Выбор основного перевода