Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. «Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагІчуьнца гома а хила“. Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“». Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
Выбор основного перевода