Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. ХІунда аьлча и даьтта кхо бІе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тІаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагІий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цІа чохь тІеоьцур ду шу. «И деза даьтта кхо бІе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дІа хІунда ца дийкъира вай?» Шайн керташ а, долахь дерг а дІа а духкуш, шайна юкъахь дІасадоькъура цара, хьанна хІун оьшу хьаьжжина.
Выбор основного перевода