Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И зуда, цуьнан цІенна тІера дІа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. Аша-м хаттар до: «ХІун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хІунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хІоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. «ХІунда аьлча майра а, зуда а дІасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш». Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дІасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тІе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо». ХІора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. ХІорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тІекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тІедуьллу аса массо а динан тобанашна а.
Выбор основного перевода