Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». «Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тІедиллинарг дохош волу зуламхо ву.
Выбор основного перевода