Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хІинца кхетар дац шу. Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Іаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Іер гІолехь ду». Амма шаьш иштта ца Іалахь, цара зуда яло еза. ДегІан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гІолехь ду. Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. Хьанна хаьа, зудчо шен майра кІелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кІелхьаръяккха мега. ХІорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тІекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тІедуьллу аса массо а динан тобанашна а.
Выбор основного перевода