Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дІахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц. Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Іаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Іер гІолехь ду». Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.
Выбор основного перевода