Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. И зуда, цуьнан цІенна тІера дІа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. Амма, масала, иза шолгІачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дІа а делла, и зуда шен цІа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгІа майра дІакхалха мега. ХІета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хІума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха». «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дІасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“.
Выбор основного перевода