Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хІун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кІант вен веана ву те?» Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». Цара мохь хьоькхура: «ХІун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КІант? Тхан хан тІекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш. Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. Іийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Іийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХІун оьшу Хьуна соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗІенашца дІа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дІавоьдура иза. ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. Малки-ЦІадакъа Шалейм-гІалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тІехь толам а баьккхина, цІа вогІуш волчу ИбрахІимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦІадакъас.
Выбор основного перевода