Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура. Уьш Бет-Саида-гІала кхечира. Цигахь Іийсана тІе бІаьрса дайна стаг а валийна, цунах Іотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга. ХІора а Іийсах куьг Іотта гІерташ вара, хІунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.
Выбор основного перевода