Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланча веара. «Хьан йоІ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу». И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла. Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тІаьхьа гуламан цІийнан хьаькамаша кхарна тІе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хІума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. Жуьгтийн гуламан цІийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цІеранаш а Іийсах тийшира. ПахІале ладоьгІна болу дуккха а Коринт-гІалара бахархоша, Іийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира. ТІаккха цара, гуламан цІийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цІийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.
Выбор основного перевода