Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ЦІеххьана гуламан цІа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: Юха а цхьана дийнахь Іоман берда тІехь хьехамаш беш вара Іийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тІе а ваьлла, Іоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тІехь дисира. ТІаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама.
Выбор основного перевода