Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза дІайижначу маттера я хиъна Іийначуьра цхьана хІуманах хьакхавелларг сарралц цІена хир вац. Нагахь цІий догІучу хенахь цу зудчуьнца майра дІавижахь, иза ворхІ дийнахь цІена хир вац. И тІевижна муьлхха а мотт цІена хир бац. Нагахь зудчун цІий дІаэхар, баттахь хуьлу цІена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цІена хир яц, баттахь хуьлучу цІена цахиларан хенахь санна. Зудчунна цІий догІучу хенахь иза тІейижна муьлхха а мотт, иза тІехиъна муьлхха а хІума цІена хир яц, баттахь цІена ца хиларан хенахь тІейижна мотт санна. Цу хІуманех дІахьакхавелларг цІена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иза. ЦІий дІаэхар сецча, зудчо ворхІ дийнахь собар дан деза. Цул тІаьхьа иза цІена хир ю. БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неІаре схьа а беана, динан дега дІабала беза цо. Олхазарех цхьаннах къинан сагІа, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду цо. Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хІуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цІа сийсаз а деш, шайн боьхачу хІуманашца уьш ца балийта.
Выбор основного перевода