Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Іийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тІаьхьахІоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». Амма Іийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тІаккха хьан йоІ толур ю». «Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша.
Выбор основного перевода