Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Куьг дІа а кховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира. Цигахь башха тамашийна хІума ца даделира Іийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тІе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІабиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».
Выбор основного перевода