Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигарчу нахана Іийса вевзинчул тІаьхьа, массо а маьІІера Кхунна тІе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла. Цара, Іийсан бедарх куьг Іоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Іоьттинарг, то а лой, дІахІуттура. Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура.
Выбор основного перевода