Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чІогІа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Іемира дика а, вон а къасто.
Выбор основного перевода