Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іелас цуьнга элира: «Марша гІойла хьо. Исраилан Дала хьан доІанна жоп лойла». ЯхІунатас Дауде элира: «Марша гІойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чІагІо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тІаьхьенна а, сан тІаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гІойла хьо». Абушалам, хьала а гІаьттина, Хьевроне дІавахара. Делан стага элира: «Маьрша гІойла хьо». НаІаман дІаволавелира. Иза ЭлишаІан цІенна жимма дехьаваьлча, Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза. Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна». Набахтин хьаькамо элира ПахІале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дІахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дІаваха йиш йолуш ву!» Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дІагІо, дох а ло, дуззалц хІума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хІун пайда бу цуьнан?
Выбор основного перевода