Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Оцу стага, дІа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Іийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура. Уьш гиначу Іийсас элира: «Даха а гІой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дІабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цІинбелира. Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. Іийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хІоьттира иза. Иза шамранхо вара. ТІаккха Іийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву? Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хІара стаг бен ма вац?» ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо». Цу бІаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хІума-м хаьа суна: Со хІинццалц бІаьрзе хилла хилар а, ткъа хІинца суна са гуш хилар а». «Іийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кІелхьарваьккхина хир ву. ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво.
Выбор основного перевода