Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?» Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дІасецира. ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугІу Цуьнга».
Выбор основного перевода