Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Юха а Іоман берда тІе веара Іийса. Цунна тІе дукха адам деара, ткъа Іийса царна хьехамаш бан волавелира. Цу хенахь Іийса Шен мурдашца Іома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тІехьара а, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а гонах Іаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гІуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тІе уьш. Адам дукха тІех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Іийсас Шен мурдашка. Цкъа Гансарт цІе йолчу Іомана йистехь лаьтташ вара Іийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тІе теІаш, Делера долчу даше ладогІархьама. Іийсана берда тІехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чІерийлецархой шайн бойнаш цІанъеш бара. ТІаккха тІевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамІе, Ша берда йистера кеман тІехь жимма дІавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.
Выбор основного перевода