Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма аьчкан а, цІестан а буржалшца дІа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тІунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта. Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гІарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дІахададе, хІаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цІестан а буржалшца дІа а къовлий, иза тІунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхІ зама цунна тІехула чекхъяллалц’, – бохург, хІара ду цуьнан маьІна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг: Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кІел шайн кІорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ІиндагІехь дехаш дара.
Выбор основного перевода