Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Зуламечу нехан некъашна тІехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гІур вац. Шен мурдашка Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». Іийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила!» Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Іийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. Цул тІаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БІаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а». ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». Іийсас, цуьнга хьаьжча, иза гІайгІане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. Эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо. Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
Выбор основного перевода